Соьлжа-ГIалина тIехула доьдуш хилла азербайджанхойн кема дохорна Москвано гечдар ца дехначул тIаьхьа Оьрсийчоьнан а, Азербайджанан а йукъаметтигаш гIоьртина йара олийла ду. Амма тӀаьхьарчу кӀиранашкахь кхин а галйевлла уьш Оьрсийчоьнан эскархоша марсхьокху-беттан 8-чохь азербайджанхойн SOCAR пачхьалкхан Одессера компанина а, циггахь йолчу компрессорийн станцина а тIелатар дича. Оцу станцихула азербайджанхойн газ кхочу Украине.
Азербайджанан президенто Алиев ИлхIама бехкейира Кремл, лерринчу Iалашонца дина тохар дара и аьлла. Азербайджанхойн масех хаамийн гӀирсо йаздира, хIинццалц Украине герз ца луш хиллачу Алиевс хӀинца Киевна герз кхачон тарло аьлла. Москвана а, Бакуна а йукъахь хуьлуш долчух а, и дов муха дерза мега а дийцаредира говзанчашца Маршо Радионо оьрсийн сервисо.
Мангал-беттан 10-чу дийнахь Алиев ИлхIама къамел дира Украинан президентца Зеленский Владимирца, цу йукъахь шина а агӀоно йемал дира Оьрсийчоьно Украинан территори тӀехь йолчу Азербайджанан объекташна кеманашца тохарш дар. Алиевца къамел динчул тӀаьхьа Зеленскийс дӀахьедира, ша и тохарш лору "Оьрсийчоь леррина вайна а, кхечу Европерчу пачхьалкхашна а энергетикех дозуш ца хиларан гарантеш луш йолу энергетикан некъаш дӀакъовла гӀортар" аьлла.
Маршо Радионо теллина юьйцучу мехкадаьттан депон спутникан суьрташ, тӀечӀагӀдан йиш йу, тӀелатарехь цунна зенаш дина хилар. И тӀелатарш хилале жимма хьалха, товбеца-бутт чекхболуш, Украине дуьххьара Азербайджанан газ кхаьчнера Трансбалканийн коридорехула Болгарехула а, Румынехула а.
Москвано официалехь комментари ца йина мехкадаьттан депо а, компрессорийн станцехь а тохарш дарх лаьцна. Оьрсийчоьнан тӀеман министралло дIахаийтира Стигалкъекъа-беттан 2-чу дийнера 8-чу дийне кхаччалц цхьа могӀа Ӏалашонаш хӀаллакйина хиларх, шайна йукъахь "Украинин тӀеман-индустрин комплексан заводийн болх бар ларйеш йолу газ дӀасалелоран системин объекташ а йолуш.
Маршо Радион оьрсийн сервисца къамел динарш шек бу, мехкадаьттан базана а, компрессорийн станцина а Оьрсийчоьно дина тохар ларамза хир ду бохучух. Азербайджанхойн политолого Мамедов Фархада билгалдоккху, тIом боьдучу кхаа шарахь а, эхашарахь а SOCAR-н компанин инфраструктурина цкъа а тIелатар дина дацара аьлла.
Румынера йагорган SOCAR станци
"Оьрсийчоьнан агӀоно, къаьсттина Оьрсийчоьнан тӀеман министралло чӀагӀдо, шаьш лаккхара нийса герз лелош ду бохуш, цундела вайн чIагIдойла йу, шаьш мича детта а хууш герз цара лелош ду аьлла. Цул совнах, хӀоразза а Оьрсийчоьнан президенте тIамтIехь гIуллакхаш муха ду аьлла хаьттича, цо олу, дерриг а шен планашца дӀадоьдуш ду. Цундела вай ала мегар ду, SOCAR- гIишлош а йу-кх оцу плананаца йогIуш", - боху Мамедовс.
"Шеко йоцуш къаьсташ ду, Алиевга бина кхайкхам бара и, хӀунда аьлча, и тайпа хӀуманаш ларамаза хуьлуш дац", - аьлла хета журналистана, Кавказан эксперт волчу Дубнов Вадимна. - Дуккхаъчара иза дузу Трансбалканийн газан биргӀанехула Украине дуьххьара газ кхачорца. Амма суна ца хета, Москвано цу бахьаница тохарш дина аьлла. Оьрсийчоьнна лууш хила тарло иза иштта хила, шаьш Трансбалканийн газан биргӀанца доьзна массарна а таӀзар дина аьлла".
Азербайджано позици хуьйцу?
Оьрсийчоьно Украинана тӀелатар долийчхьана Азербайджано нейтралан позици йара лаьцна: цо йемал ца йина Оьрсийчоь цо агресси йарна, герз ца кхачийна конфликтан агӀонашна, амма оцу йукъанна гуманитаран гӀо дина Украинана. Ишта дара, Оьрсийчоьно дронашца дина тӀелатар йухатоьхначу хенахь Соьлж-гӀалин гергахь азербайджанхойн некъахойн кема чудаийтталц а, хиллачунна цхьана а кепара бехк цабиллар деха реза ца хиллалц а. Цу бохамехь велла 38 стаг.
ЗРК "Панцирь" ракето дохийначу AZAL кемана тIехь йитина лараш
"Азербайджано гӀортор йира Украинан дозанийн цхьааллина. Герз деттар сацор муха хила деза бохучух лаьцна билггал хеттарш дича, Алиевс, Азербайджанан Эрмалойчоьнца тӀамехь зеделларг тидаме а оьцуш, даима а хьехар дора, тӀеман гӀуллакхаш сацо деза аьлла, амма шен территореш дӀайала йиш йац олий. Оцу формулин гурашкахь йара Бакун позици.
Цуьнца цхьаьна гуманитаран гӀо латтадора Украинана. Карарчу хенахь динчу гIоьнан боллу барам бу - 42 миллион доллар. Азербайджан хьалхарчу меттехь йу СНГ-н декъашхойн пачхьалкхашна йукъахь Киевна луш долчу гуманитаран гӀоьнан барамца. Цул совнаха, кест-кеста Азербайджане реабилитаци йан догӀу Украинера бераш", - боху Мамедов Фархьада.
Украинхойн ерийн тоба кхачьна Азербайджане дарба дан
Дубнов Вадима билгалдоккху Азербайджанан президент пачхьалкхийн дозанийн цхьаалла ларъйаран принципца хилар. "Алиевн вуно интересе позици йара Украинехь хиллачу тӀамах лаьцна. Иза арахьара баьхкинчу хьешашлахь тӀаьххьара вара, тӀом болабалале Москва веана. Оьрсийчоь тIелата цхьа дедисинчу хенахь цо куьг йаздира Оьрсийчоьно а, Азербайджано а цхьаьнаболхбийр бу аьллачу декларацина. Вукху агӀор, дозанийн цхьааллин фетиш Алиевна мехала йу. Цундела, цуьнан позици – Украинехьа йу.
Бакура тIеман парад
Дисина кхин дерг – НАТО а, дуьненаюкъара бакъонаш а, тӀелатар а, агресси а, Бучехь дина тӀеман зуламаш а, кхин дерг а – иза иттолгӀа хаттар ду. Цо дуьйцуш дац Оьрсийчоьнна а, Украинана а йукъахь боьдучу тӀамехь диканиг а, вониг а хIун ду, йемал ца йо Москва агресси йарна, гӀортор ца йо Украинана, оцу агрессина дуьхьал латтарна", - билгалдоккху Дубнов Вадима.
Зеленскийца шен къамел хиллачул тӀаьхьа дукха хан йалале Азербайджанан президенто куьгйаздира, мехкан энергетикан министралле ши миллаон долларшкахь ахча долуьйтуш Украинана гIоьнна. Цул совнах, азербайджанхойн Caliber зорбанан гӀирсо, хьасташна тӀе а тевжаш, йаздира, Украинана герз ца луш бина сацам бохо тарло, нагахь санна "Оьрсийчоьно Азербайджанан интересийн хьокъехь шен йолу агрессин политика хийца ца хийцахь". Caliber Азербайджанан Ӏедалшна гергара лоруш йу.
"Оьрсийчоьнан патриотийн йукъараллина даима а хазахетара, Алиевс Украинана Ӏожаллин герз кхачош ду бохуш чӀагӀдеш. Цунна цхьа а тоьшаллаш дацара, амма дуккха к къамелаш дара", - дагалоьцу Дубнов Вадима. – Москвано и тема чIогIа эгIаза йаьккхинера, ткъа хIинца Алиевс и хазахетарца ловзор йу шена хеттачу агIор. Оцу йукъанна Алиевс цкъачунна и тайпа хӀума ца аьлла, официалехь цхьаммо а дина дIахьедарш дац. Цунах лаьцна Caliber газето бен йаздина дац. Дубнов тешна ву, Азербайджано Украинана герз латто дац аьлла, хӀунда аьлча, "цунах цхьа вон хьовзам хила тарло".
Оьрсийчоьнан президент Владимир Путин а, Азербайджанан президент Алиев ИлхIам а ву йукъарло лелон бертана куьйгаш йаздеш. 2022-чу шеран чиллан-беттан 22-гIа де
Политологна Маммадов Фархьадана хетарехь, Caliber газетехь информаци зорбане йалар хила тарло Азербайджанан Ӏедалша Оьрсийчоьне дӀахьажош йолу шера сигнал: "Сан шеко йу, иза Азербайджанан Ӏедало и дӀасадаржор, Оьрсийчоьнан агӀонна сигнал йу, SOCAR-ан долахь йолчу инфраструктурина тӀе бомбанаш йеттар сацаде аьлла. ТӀом болабелчхьана Азербайджано герз ца кхачийна йа Оьрсийчоьнна а, йа Украинана а. Ткъа иза сигнал йу, нагахь санна и тайпа тохарш кхидӀа а дӀадахьахь, Азербайджано герз латто реза ца хиларца доьзна шен позици юха а тидаме эца мегаш хиларан. Тидаме эца деза Азербайджанехь тоъал шен арсенал хилар а, цигахь герз арахоьцу тӀеман-индустрин комплекс хилар а", - боху Мамедовс.
"Вай дуьхь-духьал болчу сера тIехула доьлхуш ду"
Бакохара Соьлжа-ГӀала доьдуш долу "Азербайджанан авиакомпанин" (AZAL) некъахойн кема чудаийтар бахьана долуш, Москвана а, Бакохана а йукъахь девнаш алсамдолуш ду стохка гIуран-баттахь дуьйна. 2024-чу шеран гIуран-беттан 25-чу дийнахь охьахуу хан герга кхочуш Оьрсийчоьнан ПВО-н системо гӀалатйаьлла герз диттира AZAL Embraer EI90 кеманна, цул тӀаьхьа Казахстанан Актау гӀалин аэропортехь охьахаа гӀертачу хенахь доьхна кема, чу дера. Кеманчохь хилла 67 пассажир, царех 38 веллера.
Казахстанан Актауна гена доццучохь дохийначу "Азербайджанхойн авианекъийн" кеманан чалх, 2024 шо
Алиев ИлхIама дӀахьедира, Бакох ца теша и кема хаа а хууш, чудаийтина хиларх, амма бохамах жоьпалла, цо дийцарехь, "Оьрсийчоьнан Федерацин векалшна тӀехь ду" аьлла. Алиевс тӀедуьллура Кремле бехк тӀелацар а, бехкечарна таӀзар дар а. Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира шен къамелехь гечдар дехна Алиевга и "бохаме хилам" Оьрсийчоьнан хӀаваан дозанехь хилар бахьана долуш, амма цхьа а жоьпалла шена тӀе ца ийцира.
Цул тӀаьхьа мангал-беттан 27-чу дийнахь Екатеринбургехь 50 сов къомах волу азербайджанхо лаьцначул тӀаьхьа пачхьалкхийн йукъаметтигаш кхин тIе а телхира. Полисхойн рейдехь ши стаг вийра, кхин а шинна вон чевнаш йинера. Оьрсийчоьнан арахьарчу гӀуллакхийн министралло дӀахьедира, и лецарш, 200I-чу а, 20I0-чу а, 20II-чу а шерашкахь дина къиза зуламаш талларца доьзна лецна бу аьлла.
Бакуно тӀедожийра ницкъбарна бехкеберш жоьпе озор. Екатеринбургехь рейд йинчул тӀаьхьа Азербайджанан Ӏедалша йукъахйехира пачхьалкхан а, доларчу а Оьрсийчоьнан организацеша а, компанеша а цу махкахь дIабахьа лерина массо а културан барамаш. Цул тӀаьхьа Бакох лаьцнера ши бӀе гергга Оьрсийчоьнан вахархо, шайна йукъахь чиллан-баттахь Азербайджано лицензи дӀаяьккхина хилла Кремлехьа йолчу Sputnik Azerbaijan агенталлан журналисташ а болуш. Лецначу Оьрсйчоьнан цхьаболчу бахархошна бехке диллира наркотикаш лелор а, интернетехула бозбуунчаллаш лелор а.
Оьрсийчоьнан бахархой Бакухь лецар, 2025-чу шеран товбеца-беттан 1-ра де
"Эхашарахь сов лакхарчу тӀегӀанехь зӀенаш ца хилла пачхьалкхашна йукъахь ала мегар ду, Оьрсийчоьнан ПВО-но Азербайджанан кема чудаийтар бахьана долуш. Оьрсийчоьно гечдар дехна а дац, бехкечарна таӀзар а ца дина, компенсаци а ца йелла", - боху Маммадов Фархьада. - ТӀаккха цхьацца кепара проблемаш йуьйлайелира, кхечаьрца хийца йиш а йоцуш. Вай дуьхь-дуьхьал лаьттачу сераш тIехула дӀадоьлхуш ду, ткъа цхьайолчу муьрашкахь Азербайджанан-Оьрсийчоьнан юкъаметтигаш телхина хиларх лаьцна цхьа а хаам ца хиларо уьш дӀайерзийна бохург дац и. И тайпа мур чекхбаьлча, кризисаш хуьлу, Екатеринбургехь хиллачу хиламийн тӀаьхьа санна".
Дубнов Вадимна хетарехь, Москван а, Бакохан а йукъаметтигаш "хӀинцале а гIад дайначу хьоле кхаьчна". "Тамаш бу-кх, уьш кхин а тIе галйовлахь, хӀунда аьлча, карарчу хенахь конфликт йу дӀахьедарийн а, декларацин а тӀегӀанехь. Амма со тешна вац, и дерриг а цхьадолчу коьртачу хӀуманех хьакхалуш хиларх, масала, экономикех. Азербайджан вуно мехала йу Оьрсийчоьнна санкцешна а, кхин долчу мел а деликате долчу хеттаршна а тIехбовла. Цул совнаха, Азербайджан даима а, Советан заманахь дуьйна, Къилбаседа Кавказехь коьрта совгӀат хилла муьлххачу а Кремлана. Объективан экономикан бахьанашца, Бакуца даима а элиташна йукъахь дика юкъаметтигаш хилла, ур-атталла Алиев Гейдар волчу заманахь а. Ткъа цуьнан кӀант ИлхIам куьйгаллехь волуш а, и ламаст кхидӀа а лаьттира", - аьлла хета Дубнов Вадимна.
Цуьнца цхьаьна Натолинерчу Европан Колледжехь Европан лулахойн департаментан лакхарчу Ӏилманан белхахочунна Алиев Нурланна хетарехь, Оьрсийчоьнца йолу йукъаметтигаш телхина хиларна, Азербайджано Евробертаца уьйраш чӀагӀъйан йолойу:
"Со теша, Азербайджан гIертар йу хьесап а дина, мах хадийна гӀулчаш йаха, Москвана кхин дIа а провокаци ца хилийта. Масала, цуьнан алсам тидам тӀебахийта йиш йу чудаийтинчу кеманан гӀуллакх дуьненаюкъарчу кхелехь листарна. Цуьнца цхьаьна, со сатесна ву, Бакуно цуьнца цхьаьна болх бийр бу Евробертаца гергарло чIагIдеш, хIинцале а Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташца санна. Азербайджанна иза оьшуш а, ца хилча йиш йоцург а ду. Карарчу хенахь Оьрсийчоьнца йолчу йукъаметтигийн хьал а, вайна хӀинцале а гуш болу Москвара схьа хила тарлуш болу кхерамаш а тидаме эцча, пачхьалкх сеца а ца соьцуш, цу агӀор дӀайаха йезаш йу", - тешна ву Алиев Нурлан.