ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

КадыровгIеран пиар, гIалгIайн кхиазхочун маршо. КIиранан жамIаш


Кадыров Рамзанан доьзал
Кадыров Рамзанан доьзал

Нохчийчохь вайна кIант лоьхучу йукъанна Кадыров Адамна пиар йина боху, ХӀинжа-ГӀалара бахархой йуха а дуьхьалбевлла ток дIайаккхарна, доьзалехь гIело латторна ГIалгIайчохь вайна кхиазхо зIене ваьлла – цунах а, и доцчух а дуьйцур ду шуна Маршо Радион 114-чу подкастехь.

Шайна атта доллучехь ладогIа подкасте:

YouTube

Spotify

Overcast

Amazon

Audio

Нохчийчохь вайна кIант, КадыровгIеран пиар

Йалх дийнахь вайна кIант лоьхуш йолийна хилла операци дIайирзи, цунах Кадыровн кIенташна пиар йан гIирс хиллера бохуш, дуьйцу.

Кху бетан 8-чу дийнахь Лаха Ноьврера ворхI шо долу Мудаев Джабраил, шайн кертахула дехьа ваьлла дIавахна, тIепаза вайра. КIант могуш воцуш хиллера – мотт хууш вацара, шен цIе йаьккхича дуьхьал вистхуьлуш а ца хиллера. Иза лаха эзарнаш нах арабевллера – волонтераш, орцанхой, иштта Нохчийчуьра а, луларчу мехкашкара а баьхкина могIарера бахархой а цхьаьна.

Марсхьокху-беттан 13-чу суьйранна хаам хилира, Терка чу вахана хиллачу кIентан дакъа схьакарийна аьлла. Иза валаран бахьана ду – хи бухула вахар.

Кадыров Рамзан вистхилира доллу орца а даьлла, кIант лоьхуш хиларх пхоьалгIачу дийнахь.

Цо дIахьедира Нохчийчуьра "чоьхьарчу гIуллакхийн а, орцанан министраллин а эзара белхахой бу арабевлла цу операцихь дакъалоцуш", шен тIедилларца аьлла.

Хьалхо махкара хаамийн гIирсаша чIагIдора, ворхI шо долу Джабраил лехар Нохчийчоьнан кьуйгалхочун тергонехь ду, цо волонтерашна мел оьшу гIирс белла аьлла. Амма иза ишта дацара боху – и кIант лоьхучу арабевллачара чаташкахь лоьхуш хилла оьшу гIирсаш, масала, хи талла ницкъе йолу гидролокатор, дронаш, тепловизорш.

Хуьлуш долчунна йукъа гIоьртира Кадыров Рамзанан ший а кIант а. Воккхаха волчу, спортан министран даржера Кадыров Ахьмада кхайкхамбира шен куьйгакIел болчу белхахошка, кIант лаха арадовла аьлла, бакъду, йуьйцучу оцу операцин тIаьххьарчу дийнахь дара и. Ша Ахьмад Теркан йистехь гучу а ца велира, амма бакъду, цига кхечира Кадыров Адам – Нохчийчоьнан урхалхочун кхерамзаллин сервисан 17 шо долу куьйгалхо. Иза а веара цига кIант лоьхучу тIаьххьарчу дийнахь.

Кхиазхочуьнца цхьаьна бохам хиллачу метте кхаьчнера зорбанан министр Дудаев Ахьмад а, массех оператор а: кӀентан деца цхьаьнакхийтира уьш, цуьнан дог оьцуш бистхилла, ахча кховдийра гIоьнна, Кадыров Ахьмадан фондера ду аьлла.

Иштта видео йаьккхира Нохчийчуьрчу Росгвардин куьйгалхочунна Делимханов Шарипна лерина а, республикерчу Пачхьалкхан Думан депутатан Делимханов Адаман ваша ву иза. Меттигерчу хьаькамийн а, республикерчу хаамийн гӀирсийн а йозанашкахь леррина билгалдаьккхира КадыровгIара вайна кIант лоьхуш гIодарх лаьцна.

ХIара дуьххьара хилла хIума дац, Нохчийчоьнан куьйгалхочун зорбанчаша цуьнан бераш даздар. Масала, 2022-чу шарахь Кадыровн бераш Ахьмад, Адам, Эли, Iайшат "ДНР" олучу дозана тIе хьовсийра. Цигахь цара тIемаш бина бохура, ткъа шайна каравеана аьлла кхоъ йийсархо ден резиденци валийра. ТIамана гергахь дIайазйина йу боху и видео теллича гучуделира, тылехь йаьккхина хилар.

Дронашца тохарш дар

Марсхьокху-беттан 14-чу дийнахь Ӏуьйранна Къилбаседа тӀеман гонан штабана цхьа ах километр генахь йолчу Ростов-гӀалин йуккъера дуккхазза тIекIелйинчу гӀишлонна тIекхийтира дрон. И м1аьрго дӀайазъечу хенахь официалехь хаам бира, 13 стаг лазийна аьлла.

Ростовехь исс гӀат йолчу гӀишлонна тӀе дрон тохар видео тӀехь дӀаязйина ду, дукха хан йоццуш тӀелатарш а, церан тӀаьхьалонаш а видеош тIе дIайаздар дихкина доллушехь. Зорбане йаьхначу кадрашна тӀера гуш ду, Лермонтовская урамера цIийнан тховх дрон кхеташ.

Вон йохийна тIаьххьарчу гIаташ тIера петарш, оцу чохь бехаш хилла нах кIелхьарабехира. Эккхийтаро дохийна луларчу исс цIийнан кораш а. Оцу меттигехь кхайкхийна чолхечу хьолан раж. Меттигерчу Ӏедалша карарчу хенахь бинчу хаамца, 13 стаг велла, царех шиъ ледарчу хьолехь ву. ХIара подкаст дIайазйечу хенахь а чевнаш йина хилларш шайн хӀусамашкара арабохуш бара, беллачех лаьцна информаци йац цкъачунна.

ХӀара хӀинцале а дроно йохийна шолгIа гIишло йу кху кIиранах - мангал-беттан 9-чу дийнахь Левобережная урамехь долчу цӀенна чу дрон йоьжнера.

18-чу гӀат тӀера петарш ах бохург санна йохийнера, царех цхьанна чохь, чIагIдеш ма-хиллара, цӀе йаьлла хилла. Луларчу 15-чу гӀат тӀера 20-чу гӀат тӀе кхаччалц йолчу луларчу петаршкахь кораш дохийнера. Цу тӀелатарехь цхьанна а зен ца хилла, хаамбина Ӏедалхоша.

ШолгӀачу дийнахь йохийначу дронах йисина гаьргаш Миллерово гӀалара нах бехачу хIусамашна тIеэгнера. Оцу гIалахь кест-кеста нисло тIелетарш, хIунда аьлча, цигахь йу Украинана Оьрсийчоьно тIелетарш ден тIеман аэродром.

Йукъарчу хьесапехь, Къилбаседа а, Къилбаседа Кавказан а регионашкахь ракетийн а, дронийн а кхерамаш бу бохуш, кху кӀиранах кхайкхош дара хӀора дийнахь. И бахьана долуш БуьритIера а, Соьлжа-ГӀалара а, Волгоградера а аэропортийн болх йукъахбаьллера.

Дронаш Нохчийчу а кхаьчна аьлла дIакхайкхийра, Кадыров Рамзана дийцарехь, Шелковскан а, Теркайистан а кӀошташкахь хӀаллакйина дронаш, валар-висар хилла дац. ТIаьххьара стохка гIуран-баттахь динера Нохчийчохь дронаша тIелатар.

ГIалгIайчуьра кIанта доьзалехь бала хьегар

Бакъонашларъйархошца йуха а зӀене ваьлла ГӀалгӀайчура 16 шо долу Мусиев Ислам. Доьзалехь ницкъ барх лаьцна гӀарадаккхар бахьана долуш хьалхо бертаза Ставрополе дарба дан вигинера иза цуьнан доьзало. Гергарчара кхиазхо психдиспансерера цIа вигина, кхечу регионера колледже деша ваха пурба а делла цунна.

Товбеца-беттан йуьххьехь SK SOS кризисан центран а, "Нана йоцу Кавказ" проектан а бакъонашларъярхоша хаам бира шаьш тергойен кIант зIенера варах. Кхиазхойн гӀуллакхашкахула йолу инспекци цу хьолана бакъонашларйархоша йукъагӀортийначул тIаьхьа телефонан номер болх беш йацара цуьнан. Шина а организацино дуьхьало йира Мусиевна Оьрсийчуьра араволуш гIо дан, берхIийтта шо а кхачаза бер иза хиларна.

Бутт гергга хан йара кхиазхочун кхолламах лаьцна хIумма а хууш доцу, амма товбеца-бутт чекхболуш бакъонашларйархошца зӀене а ваьлла, ша Ставропол-кӀоштарчу психиатрин дарбан цӀийнехь латтош ву аьлла, хаамбан ка йаьллера цуьнан. Оцу йукъанна дарбан цIийнан куьйгалхоша бакъ ца дира, Мусиев фамили йолу дархо шайн лазартнехь хилар.

Кху кӀиранах Ислам зӀене ваьллера "Нана йоцу Кавказ" проектца, цо дийцина, шен дас-нанас ша дарбан цӀийнера араваккхарх а, кхечу регионехь ваха петар лацарх а лаьцна. Цигахь колледже деша а хIуттур ву ша аьлла цо. Ислама дIахьедина, шена кхин дIа кхерам бац, маршо йаккха аьтто баьлла шен аьлла.

"Суна хазахийтира, и кӀант шен дахарна реза хиларна а, шена ма-хетта ваха а, хьолана кIелхьаравала а цуьнан доьналла тоарна а. Цуьнан метта зудабер хиллехь, кхечу агIор дерза тарлора. Цунна хала хир дара та1зарх ларйала, ткъа тхуна къаьсттина чолхе хир дара цунна гIо дан", - бохура "Нана йоцу Кавказ" проект кхоьллинчарех цхьаъ йолчу Михальченко Лидияс.

Мусиевгахь "телефон а йу, даим зIенехь а ву иза" аьлла, билгалдоккху кризисан СК SOS тобано, амма цуьнан гергарчу наха кхин дIа дендолчух хуийла йац бакъоларйархойн.

ХӀинжа-ГӀалара бахархой йуха а протесте бевлла ток дIайаккхарна

ХӀинжа- ГIаларча Редукторный олучу эвлара бахархоша протест йинера ток дIайаккхар бахьана долуш. Администрацино хьалхо кхерамаш тийсинера "бакъо йоцуш дӀайаьхьначу митингийн" декъашхой жоьпе озор бу шаьш аьлла.

ХӀинжа-ГӀаларчу МФЦ-н гIишлонна уллехь гулбеллера реза боцу нах цига тIебаьхкира хьаькамаш а, йаздо "Спроси Расула" телеграм-канало. Меттигерчу бахархоша дийцарехь, лаххара а ши де ду Редукторный микрорайонехь ток йоцу, "Дагэнерго" компанино церан латкъамаш тергамза буьту. Цхьаболчара иштта хаамаш бо хи сацийна хиларх лаьцна а.

Социалан машанашкахь лакхарчу Ӏедалшка кхайкхамаш бе бохуш, дIахьедарш динчул тIаьхьа ХӀинжа-ГIалин администраицно дIахьедира, ток дIайаккхар доьзна ду "тIех йовхо йолуш серий дохдаларна а, ток дукха йагайарна а" аьлла. Цуьнца цхьаьна цара дагадаийтира, Iедалца дага ца бовлуш акцешка буьйлучарна дуьхьал бехкзуламан гIуллакхаш дохуш хилар. Оцу йукъанна, Редукторный эвлахь ток схьа маца лур йу, Ӏедало ца элира.

"Хьем ца беш, ток схьалур йу" аьлла, тӀаьххьара Ӏедало дош деллера марсхьокху-беттан 6-чу дийнахь, Редукторный йуьртара реза боцу бахархой дуьххьара протесте арабевллачу хенахь, йаздо "Черновик" газето.

Товбеца-баттахь ХӀинжа-ГӀалара 86 эзар сов вахархо ток йоцуш висира, кабелан серий тIех сов дохдаларна, цIе а йаьлла. ХӀинцале а тӀаьххьарчу шина кӀиранах йалхозза совдаьллера энергетикан системина ницкъ хилар, дIахьедира республикерчу Ӏедалан куьйгалхочо Абдулмуслимов Ӏабдулмуслима.

Стохка шо чекхдолуш Дагестанехь ток лачкъорца доьзна лаьцнера "Дагенерго" компанин 19 белхахо. "Россети" компанин Къилбаседа Кавказера филиал йу иза. Таллам болийра гурахь, цу гӀуллакхехь бехкевеш ву 36 стаг, шайлахь "Дагенергон" директор а волуш.

Шайна атта доллучехь ладогIа подкасте:

YouTube

Spotify

Overcast

Amazon

Audio

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG